Ши жимстаг лачкъийна ХΙинжа-ГΙалахь



Кхаарийн буса ши жимстаг лачкъийна Дагестанан шахьарахь ХΙинжа-ГΙалахь. Гинчара тоьшалла до, уьш туьтмΙаьжигашкахь волчу иттех герзахочо машенна чу а боьхкина дΙабигира бохуш. И хилам бакъбо Дагестанерчу «Бакъе» цΙе йолчу юкъаралло а. Ткъа Ιедалан ницкъаша дΙахьедина, шаьш дацара оцу меттехь леррина операци дΙахьош, аьлла. Цкъачунна хууш дац, хьан бигина кегий нах, царах хΙун хилла.