14 долу бакъоларъярхо ер Ιаьткъина пакистанхошна



ПΙераскан дийнахь Пакистанерчу школашкахь доΙанаш дира Пешавар-кΙоштахь йийначу 14 шо долчу Юсафзай Малалана тΙера. ЙоΙа дешначу школехь хилира мехкан премьер-министр Ашраф Первез Раджа. Шинарий дийнахь шен нийсархошца школера цΙаяха нах дΙасалелочу машен чухиича тапча йиттина йийра Сват-хица йолчу ярташкахь тΙалибаша меттигерчу бахархошна тΙехь гΙело яллайо, аьлла, интернетехула, орца дохуш хьийзина кхиазхо Юсафзай. Пакистанан полицино дΙахьедина, ша лаьцна лебеш бу бехке хила тарло нах, аьлла.