Экономикехула Нобелан совгIат делла Iамеркахошна

Экономикехула Нобелан цIарахчу совгIатан шина лауреатан цIераш яьхна Швецин паччахьан Iилманан академино. И шиъ ву Iамеркера Рот Элвин а, Шепли Ллойд а.

Экономикехула долу совгIат Нобел Алфреда юкъадаьккхина дац, цуьнан цIарах иза делахь а. Нобел велла 72 шо даьлча цу тайпа совгIат хила деза аьлла, сацам бинарг ю Швецин пачхьалкхан банк.