Либерчу консулствон кхерамазалла ца ларъярна жоьпалла шена тIеэцна Клинтон ХIилларис

Iамеркан Либехь болчу дипломатийн кхерамазалла ца ларъярна ша жоьпаллехь ю аьлла дIахьедар дина пачхьалкхан секретаро Клинтон ХIилларис Оршотан дийнахь. И бахьана долуш, Гезгмашин-баттахь Iамеркан Бергазехь йолчу консулствонна тIелатар а дина, вийра Iамеркан Либехь волу векал а, кхин а кхоъ Iамеркахо а.

Си ЭН ЭН телеканалана ша еллачу интервьюхь Клинтона элира, махкал арахьа болчу дипломатийн кхерамазалла ларъяр шен декхаршна юкъахь ду аьлла. Цо билгалдаьккхира президент Обама Барака а, вице-президент Байден Джо а Бенгазехь йолчу шайн дипломатин миссин кхерамазалла ларъярах лаьцна болу сацамаш тIеоьцуш дакъалоцуш вацара аьлла.

Шинарийн дийнахь Iамеркехь шолгIа дебаташ хила езаш ю президентан харжамашкахь дакъалоцуш волчу Обама Баракан а, республикан партин кандидат волчу Ромни Миттан а. Бенгазехь хиллачух хаттар дала мегаш ду Обаме. Цуьнца доьзна хила мегаш ду Клинтона дина дIахьедар.