Казане а кхаьчна тΙеман хьал


ГΙезалойн коьрта шахьарахь Казанехь леррина операци дΙахьош, бусулба экстремист хила тарлуш ву боху ши стаг вийна Ιедалан ницкъаша. ГΙезалойчоьнан полицин пресс-гΙоьнчалло бахарехь, шахΙидан доьхка хила тарлуш коьчал карийна байъинчех цхьаьнгахь. ТΙематасадаларехь велла къайлахчу сервисан цхьа белхахо а. Хууш дац цкъачунна масса стаг хилла Ιедало гобинчу цΙа чохь.