Янукович даржехь чΙагΙвина парламента харжамаша


КΙирандийнахь Украинехь хиллачу парламентан харжамийн берраш а кхаьжнаш листина ца бевллехь а, шайн толам базбеш ю президентехьа Янукович Викторехьа йолу Регионийн Парти. Цуьнгахьа хилла 35 процент бахархой. 22 процент кхаьжнаш кхаьчна оопозицин «Батькивщина» («Даймохк») партина. КхозлагΙчу меттехь коммунисташ бу – 15 процент.

Лакхарчу Раде кхача оьшу 5 процент кхаьжнаш баьхна иштта боксеран Кличко Виталийн «Тохар» цΙе йолчу а, националистийн «Маршо» а партеша. 450 ву парламенте хаьржина депутат. Царех ах-ах бу шаьш хьалхататтабелла а, партешкахула а хаьржинарш. Тергамхоша чΙагΙдарехь, низамехь бирзина Украинехь харжамаш.