Iамеркехь зенаш дина Сэнди-дарцо

Iамерки къилбаседа-малхбалерчу штаташкахь а Канадехь а Сэнди цIе йолу механ дарц далар бахьана долуш, 16 стаг кхелхина аьлла, хаам бина Малхбалерчу телеканалаша а, хаамийн агенталлаша а.

Нью-Йорк а, Нью-Джерси а штаташкахь хIоьттина хьал шуьйра масштаб йолу катастрофа ю аьлла, мах хадийна Iамеркан президенто Обама Барака. Цу кепара,цигарчу бахархошна ахчанца гIо дан мегаш ду Iедалша. Карарчу хенахь Iамеркерчу 7 штатехь электросерло йоцуш висина ву 6 миллион стаг.