ТIемало вийна Дагестанехь ГIадужу-бутт 31, 2012 Дагестанехь, Табасаранан кIотахь, тIемало вийна шаьш аьлла, дIахьедар дина меттигерчу талламан комитетан векалша. Цара дийцарехь, цу стага граната кхоьссина хилла полицин белхахошна тIе. Вийнарг мила ву цкъачунна хууш дац.