Оппозицино тIелатар долийна Шемахь

Шемарчу оппозицин тобанаш тIелатар долийна цу мехкан къилбаседа-малхбузерчу кIошташкахь. Цигахь дIатарелла ю Тафтаназ цIе йолу оппозицин карахь йолчу меттигашна бомбанаш етта кеманаш гIовттуш йолу Шеман эскаран тIеман авиабаза.

ГIаттамхой дагахь бу и база шайн караэца. Малхбузерчу хаамийн гIирсаш дийцарехь, оппозицин тIеман тобанаш дагахь ю Димашкъана а, Алеппо-гIалана а юкъар стратегин мехала йолу территори шайн Iуналле эца.

Цхьаьнакхетначу Къаьмнийн Вовшахтохаралло а, «Дуьненаюкъара Амнисти» вовшахтохаралло а ПIераскан дийнахь тIеман зуламаш дарна бехке бира Шемара гIаттамхой. Дуьненаюкъара бакъонашларъярхошкахь йолчу видео тIехь гуш ду закъалтана дIалийцина болчу салтташна гIаттамхоша уьш шаьш байале, къиза етташ хилар.