КIиран сурташ -- ГIадужу-бутт - Лахьан-бутт 28 - 2
Президентан харжамийн кампани дIахьoш ву Обама Барак. ОхIайо-штатехь харжамхошца цхьаьнакхеттачу хенахь иза маравоьллина цуьнан агIончо. (Reuters/Larry Downing)
Кабулехь,Танзанера Мбелва СаьIид эша а вина, боксехула дуьненан чемпион хIоьттина Германехь вехаш волу овхIанхо РахIими Хьамид. (Reuters/Omar Sobhani)
Нью-Йоркан Квинс олучу кIоштахь даккхийн зенаш дина Сэнди-дарцо. Йохийначу хIусамашна юкъахь дийна йисина хIара статуя. (Reuters/Shannon Stapleton)
Сэнди цIе йолчу инзаре дарцо бохам беана Нью-Йоркера бахархой шайн рагI ларйеш бу, мобилан телефон тоькана тIетаса. (AFP/Timothy A. Clary)
Шемарчу Алеппохь, кеманаш бомбанаш а тоьхна, еза чевнаш йинчу 8 шо долчу йоьIан да Камал воьлхуш ву госпиталехь. Иза ша а ву лазийна. (AFP/Javier Manzano)
Иштта кхоьхьу газан балонаш ОвхIанистанерчу Гератера зударша. (AFP/Aref Karimi)
Петарбухехь, дуьхьалонан акциш дIаяхьа бакъо луш йолу, Оьрсийчоьнан конституцин 31 артикл ларъярна тIехIиттина болу, оппозицин жигархой дIальуйцуш бу полисхой. (Reuters/Alexander Demianchuk)
ОвхIанистанехь, Пактика-провинцехь, тIеман Iамораш дIахьош бу Iамеркан эскархой. (Reuters/Goran Tomasevic)
YouTube-хь гучуяьлла Шемара гIаттамхоша тIеман зуламаш дина хилар гойтуш йолу видео. Сарагеб олучу меттехь цара къиза йиттина шаьш дIалийцинчу эскархошна, шаьш уьш байале. (AFP)
Беларусехь, Минскана 50 километр йолчу Иванец олучу эвлахь, кешнашка баьхкина бу католикаш. Уьш даздеш бу шайн базбинчу диндайн де. (Reuters/Vasily Fedosenko)