Къинхетам бина тΙалибашна


Ша набахтехь чувоьллина волу маситта ОвхIанистанера тIалиб дIахеца реза хилла Пакистан. Иштта барт бина Исламабадехь Пакистанан Iедалан векалша а, шайн махкахь тIалибашца дийцарш дIа а хьош, къоман барт бан гIерташ болчу ОвхIанистанан Iедалан делегацин векалша а. ОвхIанистанерчу делегацин цхьана декъашхочо хаам бина Reuters-агенталле, Пакистано яьккхинчу цу гIулчо гIо дийр ду ОвхIанистехь барт лохуш, аьлла.