ХIаагехь бехказваьккхина Хорватин ши инарла

Аппеляцин кхело бехказа ваьккхина ХIаагерчу Дуьненаюкъарчу Трибунало чувоьллина волу хорватин къомах волу ши инарла Готовина Анте а, Маркач Младен а. Кхелахоша сацам бина и шиъ сихха маьрша ваккха везаш аьлла. Готовина а, Маркач а 2011-чу шарахь бехке винера ХIаагерчу Трибунало тIеман зуламаш а, адамаллина дуьхьал зуламаш а дина аьлла.

Готовинина 24 шо хан тоьхнера 1995-чу шарахь Хорватехь сербашна дуьхьал зуламаш дарна. Ткъа Маркачана набахтехь даккха тоьхнера 18 шо. Хорватехь и ши инарла турпалхо лоруш ву, и пачхьалкх йозуш йоцуш хилийтарехьа къаийсам латтийна волу.

Шайн агIора сербаш реза бац и ши стаг дIахецарна. Сербин премьер-министран когаметто Ляйич Расима дIахьедар дина, и ши инарла бакъвинчул тIаьхьа ХIаагерчу суьдах тешам байна шайн аьлла.