Ιаьрбий-жуьгтий: 90 - 3


Палестинерчу лоьраша тоьшалла дарехь, Газа-кIоштахь оршот дийнахь лаххара а 10 стаг вийна жуьгтийн кеманаша. Ιедалехь йолчу палестинахойн ХΙамас-партин куьйгалхой а, царна тΙетийжа тΙемалой а лохуш, Израило 6 де хьалха йолийна тΙеман операци.

Жуьгташкара болчу хаамца, деккъа цхьана оьршотдийнахь Палестинана тΙе ракеташ а, бомбанаш а етта стигала даьлла Израилан 80 кема. Тель-Авиво ша Палестинерчу бахархойн цΙеношна тΙелетар дузу царна чохь ХΙамасан векалш къайлабуьйлуш хиларца.

Палестинерчу тΙемалоша массех ракета хецна Израилан агΙор кху деношкахь. Жуьгтех велла 3 стаг. Ткъа 90 гергга палестинахо кхелхина жуьгтийн герзах, шайлахь бераш а, зударий а, къаной а болуш. Цунна тоьшалла деш, шайн беллачийн цΙерш а ю палестинахоша зорбан хаамашкахь йохуш.