Хи дΙалакъийна Соьлжа-ГΙалахь


ШолгΙа де ду Соьлжа-ГΙалин Старопромыслан кΙоштарчу бахаррхойн хΙусамашкахь хи доцу. И дΙалакъийна, хьостанаша хаам барехь, йоьхна биргΙанаш тоярхьама. Амма нахана хьалххе хаийтина дац хи хир доцийла.

Кху баттахь ишттаниг массийттаза хилла шаьш долчохь бохуш ду Старопромыслан кΙоштарчу бахархоша ден аьрзнаш.