Соьлж-ГIалахь, герз а тоьхна, шен накъост вийна эскархочо


Соьлж-ГIалахь контрактаца гIуллакх деш волчу чоьхьарчу эскаран салттичо герз а тоьхна вийна кхин эскархо. "Интерфаксо" бинчу хаамца, иза хилла Ханкалахь йолчу тIеман базехь.

ТIеман полисхочуьнан карахь ларамаза яьлла тапча кхетта цунна дуьхьал лаьтташ волчу цуьнан накъостана. Таллам дIахьуш бу.