Шен хIусаманна дина тIелатар юхатоьхна Чантаулехь полицин белхахочо

Дагестанехь шен хIусаманна дина тIелатар юхатоьхна полицин белхахочо. Чевнаш хилла ву цуьнан ваша.

Интерфаксо дийцарехь, Чонтаул-эвлахь муьлуш бу ца хуучу наха герзаш диттина полици вехачу хIусаманна. Полисхочо дуьхьал герз диттина. Цу тасадаларехь лазийна волу цуьнан ваша дарбанан цIийнехь ву.