Пхеньяне заррат зер лагΙдайта гΙерта дуьне


Оьрсийчоьно Къилбаседа Корея кхойкху ша кху баттахь, зарратан зераш дΙахьош, керла ракета стигала яккха гΙертарх юхаяларе. Арахьарчу гΙуллакхийн министралло дина и дΙахьедар. Пхеньяно ша герз карладоккхуш яц, маьрша хьашташна спутник стигал хоьцуш ю, боху, ткъа дуьненан юкъараллаш тешна ю иза кийтарло хиларх. Иштта Кореян Ιалашо емал йина Цхьаьнатоьхначу Штаташа а. Китайно дΙакъадийна ша гΙайгΙане хилар. Ткъа Японино а, Къилба Кореяно а шаьш ойла еш ду Пхеньян герзаш дебош хиларна ян йогΙучу дуьхьалонан, аьлла даржийна.