Атлантикан тΙеман альянсан инарла секретара Расмуссен Андерса хаам бина, Брюсселехь чекхдевллачу пачхьалкхийн арахьарчу гΙуллакхийн министрий дийцарша пайда беъна ОвхΙанистанера альянсан эскарш арадахар дийцаре дарехь, аьлла. Оцу Ιалашонна а, эскарш 2014-чу шарахь ОвхΙанистанера дΙадахча буха буьсу меттигера ницкъаш Ιаморна а тΙехьажийна дара шаьш Брюсселера дийцарш. Расмуссена бахарехь, аьлянсо эскарш арадевлча а латтор ду ОвхΙанистанна цуьнан кхерамзалла чΙагΙъе накъосталла ахчанца а, гΙирсашца а.
Иштта, Гуьржийчоь альянсе дΙааэцаран хьокъехь а хилира къамелаш Брюсселехь. Расмуссена хастийра и пачхьалкх, цо альянсан декъашхо хилархьама бен некъ нийса а, ондда а бу, аьлла.
Туркоша, шайна Шемара схьаболу кхерам а балхош, шайн лаьтта тΙе Петриот олу ракеташ хΙиттор дехнера альянсе. Уьш хΙиттор къобалдира Брюсселехь.