Азербайджанехь, гIаланаш кхиахь а, ярташ а ю дебаш
Шен кIорнешца, некъ хадош, йоьду гIаз Ленкоран-кIоштарчу Сиябли юьртахь.
Жилилабадехь шайн дай-наношна картолаш чуерзош гIо деш ду бераш. Чай кхиорца гоьевлла а ю меттигаш.
Картолаш лахьош ю Жалилабадера зуда. Малхах хьуллуш, юьхь къайлаяьккхина цо. ХIора де хьо мохехь-малхехь.
Дечиг гулдеш ву вахархо. Серло, ток йоцу меттигаш а ю кху агIор - кхача пеша тIехь кечбо цхьайолчу ярташкахь хIинца а.
Астара-юьртахь тандыр-пешахь бепиг доттуш ю яхархо.
Накхарш лелор даьржина лела регионехь.
Белхаш бечу берийн бераш лелор дукха хьолехь дужу къаношна тIе.
Мангал тоха воьдург.
Белхаш лоьхуш, гIаланашка дIабахана бахархой. КIезиг ду бераш юьртарчу школехь.
Жалилабадерчу школехь.
Астара-кIоштара арык.
Жалалбадерчу ишколан кхача буучу чоьнехь кхозу таханлерчу а, хьалха лаьттинчу а президентийн АлиевгIеран суьрташ.