ГIиргIизойн парламенто гIуда юкъадаьккхина, гIиргIизойн мотт ца буьйцучу Iедалан белхахошна

Официала Iедалхоша оьрсийн мотт лелорехь гатто йина гIиргIизойн парламенто «Пачхьалкхан маттах» доьзначу низамехула тIеэцнау керла хийцамаша, аьлла дIахьедар дина гIиргIизойн бакъонаш ларъярхоша.

«Демократехьа а, махкахойн юкъараллехьа а» цIе йолчу бакъонашларъяран коалицино Интерфаксе дахьийтина и шайн дIахьедар.

ГIиргIизойн парламенто хIокху кIирнахь къобалбинера «Пачхьалкхан маттах» доьзначу низамехула болу керла хийцамаш. Цуьнца а догIуш, Iедалийн хьукхматийн болх гIиргIизойн маттахь хила безаш бу. Стоьлан дайша гIиргIизойн мотт лелон беза, шайна гIуда тоха ца лаахь.

ГIиргIизойчоьнан конституцехь гIиргIизойн меттан статус пачхьалкхан ю, оьрсийн мотт – официалан меттан статус йолуш бу.