Шоьтан буса кхелхина нохчийн байтанча Гацаев СаьIид

Кху гIуран беттан 14-чу буса кхелхина Нохчийчохь дика вевзаш волу байтанча Гацаев СаьIид. Цуьнан кхолларалла юххера евзачу дешархошна а, исбаьхьаллин дешан говзанчашна а шийла кхаъ хилла иза цIеххьана дIакхалхар.

1960–чу шерашкахь Нохчийн литературе баьхкинчу яздархойн тобанехь а тIаьхьарчу могIаршкахь вацара Гацаев СаьIид. ТIаьхьий-хьалхий зорбане евллера цуьнан байтийн гуларш: «Гуьйре», «БIаьстенан гIар», «Хазахетар»,»Гуьйренан тхи» иштта дIа кхин а.

Цуьнан кхоллараллехь ю цо язъйина йолу пьесаш а. Царна тIехь вайнехан драмтеатрехь хIоттийна масех спектакл.