Керла шо даздан кечлуш ду Нохчийчура Iедалш

Керла шо тIекхачар даздар бахьана долуш машенаш дIасалелар доьхкуш ду Соьлж-ГIалин юккъерчу урамашкахула. Уьш ду Соьлж-ГIалан коьртачу маьждигана хьалха йолчу майдане вуьгуш долу некъаш.

Меттигерчу чохьарчу гIуллакхийн министралло бинчу хаамца, даздарш дIадерззалц чIагIйинчу рожехь болх беш хир ду полицин дакъош а.