Сахалинехь чувоьллина полицин белхахо

Адамашна тIехь къизаллаш лелорна 5 шо хан а тоьхна чувоьллина Сахалинехь полицин белхахо Бойков Дмитрий. Долинск-гIалан суьдо бехке вина иза 2010-чу шарахь Марсхьокху-беттан 28-чу дийнахь шаьш тIоьрмаг лачкъийна хилар даре де бохуш, ши жима зуда хьийзорна. Царах цхьаъ хилла 17 шо долу берийн бешан кхиорхо.