Советан заманара ГIур Дадий, Лайаьзний хIинца а догIу Азе

ГIиргIийчохь - Базан дитт хlоттийна Бишкекан коьртачу майданахь, 11Гlуc2012

Дахана шира шераш дита бохуш, беш кхайкхамаш а болуш, Советан заманахь санна шаьш кхин дIа а Керла шо даздарш дIахьур ду боху Азерчу Iедалша. Кхин дIа хIиттор долуш ду кечдина базан дитташ, хир ву даздаршкахь дакъа лоцуш ГIуран Дада а.

Таджикистанан коьртачу Душанбе гIалин мэро хIинццалц санна цхьаъ ца хIоттош, кечдина шиъ базан дитт хIоттадайтина. Хьалхалерчу шерашкахь хиллачул дуккха а а хаза хир ду хIара тIедогIу шо даздар, аьлла.

«Календарна тIехь цIен билгалдаьккхина ду Керла шо, цундела хакъ долччу кепара вай иза даз а дийр ду», элира Душанбен мэра Убайдуллоев МахьмадсаьIида хьастагIа.

Концерташ, стигала бес-бесара цIераш кхийссар, юучу хIуман фестивалаш хир ю Душанберчу даздаршкахь. Советан заманахь юкъадаьккхина ГIур Дада а, Лайаьзни а хIуьттур ду неIаршкахь, берашна цIазамаш кхийдош.

ГIалин мэран офисо бахарехь, Керла шо даздар цхьана а динца доза оьшуш дац. Цул сов, католикаша билгалдоккхучу, Iиса Пайхамар винчу денца доьзна а дац иза.

И дIахьедар, хьалхуо, Ислам Юхакхолладаран партино арахоьцучу газето Душанбен Iедалшка керлачу шарана лерина базан дитт ма хIоттаде аьлла, кхайкхам бинчул тIаьхьа дина дара.

«Душанбен бахархойн кхо процент бен бац оьрсий, дукхах берш бусулба нах бу» бохуш яздинера «Наджот» газетин коьрта редакторо Кхурбон МухIибуллос. «Цул сов Керла шо даздеш базан дитташ хIиттор цхьа а пайда болуш дац таджикийн кегийрахошна», аьлла.

Даздаршна дайа кечдина ахчанаш цул а, Таджикистанехь бехачу керста баккхий нахана гIоьнна дIасадекъарца йоьзна ойла а кховдийнера цо.

Иштта, луларчу ГIиргIийчохь а, депутато Турсунбай Бакир Уулус а кхайкхам бинера мехкан кегийрахошка, тIедогIу Керла шо даз ма де, аьлла.

Бишкекерчу студенташца шен хиллачу цхьанакхетарехь, хьалха омбудсмен хиллачу Бакир Уулус аьллера, исламан гIиллакахашца догIуш дац керла шо даздар.
Исламца доьзна доцу деза денош дIадаха деза, дукха хьолахь бусулба нах бехачу ГiиргIизойчохь, аьллера цо. Зударийн де а, Къинхьегамхочуьн де а дара иза.

Бакир Уулу: Бусулба наха даздеш дац уьш. Ур атталла оьсрийн а, керстанийн а Библи тIехь а хьехош дац керла шо даздар. Адамаша юкъадаьккхина ду иза, динца цхьа а хIума долуш дац. Цхьаболчу бусулба наха цуьнан маьIна ца хууш, даздо и де. Керла шо вай деза де дац, иза даздар нийса а дац.

Маршо радио: Депутатан къамелан мах хадош, гIиргIизойн Дешаран министраллин зорбан секретара Жукеева Кереза элира, университетан студенташца цхьанакхетарш «дин даржоран» гIуллакхашна хьовсон оьшуш дац.

Уулус тIетаьIIина кхайкхамаш бечу юкъанна, базан дитташ дIахIттийна Бишкекехь а, Ошехь а. Керла шо тIекхачар даздийр ду, стигала кхуьйсучу бес-бесарчу цIерашца. Официала Iедалша дIахьедар дина, президентан гIаланашкахь гуттар санна Керла шо тIекхачале самукъне гуламаш дIахьур бу тоьлла студенташ а, кхин болу хьеший а кхайкхина, аьлла.

(Маршо радион корреспондента Наджибулла Фарангиза яздина. Гочдина Умарова Аминас)