Оршот дийнахь Мисарара суьдхой толлуш бара кΙирандийнахь мехкан конституци тΙеоьцуш дΙаяьхьначу референдумехь лелла харцонаш. Оцу хьокъехь алссам аьрзнаш кхаьчна цаьрга. Доккхачу декъанна леткъарш бу юьхьанца дуьйна а конституцин проектна дуьхьал резадацарш кхайкхийна бахархой. Царна хетарехь, тΙех бусулба динехьа оьзна ю конституци.
Официало бахарехь, 64 процент наха къобал йина керла конституци. Амма оппозицино чΙагΙдарехь, 50 миллион харжамхойх кхоалгΙчу декъо бен дакъа ца лаьцна референдумехь.