Университетан ректор вийна Нальчикехь


ГΙебарта-Балкхаройчоьнан Юьртабахаман университетан ректор Жеруков Борис вийна карийна шинарий Ιуьйранна шен белхан чоьнаш чохь. Талламан комитетан векалша чΙагΙдарехь, цунна тапча а йиттина ведда ши герзахо. Цкъачунна кхин хууш хΙума а дац оцу хьокъехь. Пхийттех шо дара Жеруков Бориса университетан куьйгалла ден. Мехкан парламентехь «Цхьааллин Оьрсийчоь» партин фракцин хьалханча а вара иза.

Нальчикехь а, гонаха а, зуламхой лохуш, барамаш дΙахьош бу низамхой, хаам бина мехкан чоьхьарчу гΙуллакхийн министраллан пресс-секретара Кясова Маринас.