Нанойн сертификаташца бозбунчаллаш леладо


Соьлжа-ГΙалахь кхело леян йолийна меттигерчу "Адамис" фирман директор Амиралиева Аминат а, бухгалтер Такаева Малика а цара ши шо хьалха, бозбунчаллаш а лелош, диъ бΙе нанойн сертификат шайга дерзорна а, церан гΙоьнца 129 миллон сом доладаккхарна а. Низамхоша чΙагΙдарехь, оцу шимма, шаьш ахча дΙалур ду а бохуш, дохуш хилла зударшкара и сертификаташ, ткъа уьш Ιехийнначохь буьтуш хилла.