Олланд Франсуа 75% ял яккха дагахь ву хьал долчу французхошкара


Шарахь цхьа миллион еврол сов ахча тIедогIучу нахера 75% ял яккхарца йоьзна ойла йита дагахь вац французхойн президент Олланд Франсуа. Конституцин кхеташоно и гIулч низамца йогIуш яц аьлла, бина сацам боллушехь, керлачу шарца шен махкахой декъала беш цо дIахьедар дира, оцу низаман проект кхин цкъа а талла а теллина, парламенте къастаяйта кховдор ю, аьлла.

Йолан барам бац Конституцин Кхеташоно сагатдеш берг. Арахьарчу билгалонашна боьзна а, хIора доьзалехь оцу докмуентан болх къаьсташ хирг хилар а ду.

Олландан планна дуьхьал болчу бизнесхоша а, политикаша а бахарехь, уггар бехаш болу нах пачхьалкхера дIабаха гIовттор ял яккхарн керла низамо.

Вевзаш волчу актера Депардье Жерара дIахьедар динера хьалхуо, ша Белге дIакхелхаш ву, тIех лекха францера ял ца ялархьамма, аьлла.