«Фатахь» болам шен 48 шо даздеш бу

Палестинин куьйгалхочо Iаббас Махьмуда урхалла дечу «Фатахь» боламо шен 48 шо даздира.
Цунна лерина цхьацца гуламаш дIабаьхьира, 2007-чу шарахь дуьйна Палестинера ХIАМАС тоба тIехьожучу Газа асанехь а. ХIетахь дуьйна дуьххьара ХIАМАСо бакъо еллера «Фатахьан» иттаннаш эзарнаш агIончашна Газехь даздарш дIадахьа.
2011-чу шарахь «Фатахьна» а, ХIАМАСна а юкъахь машар беш чIагIбинчу бартца догIуш ду даздарш дар. Вуьшта, цу бертан дукхах болу билламаш кхочушбеш бац.

Вуочу цамгаран шад дIабоккхуш баханчу ГIуран беттан 11-чу дийнахь рогIера операци йинчу Венесуэлин президентан Хьюго Чавесан «чолхе пехийн инфекци» а ю. И аьлла хьастагIа хаам бира Венесуэлин Iедалехь хаамийн министр волчу Вильегас Эрнестос.