Лелхазчу герзехь латтанаш цIандийр ду Нохчийчохь

Кху шеран Зазадоккху-баттахь Нохчийчура латтанаш минанех а, кхин долчу герзах а цIандар юхадIадоло дагахь ду Iедалш. Иза дийра ду Оьрсийчоьнан тIеман министраллан сапёрийн дакъош.

ХIара шо чекхдалале цIандан лерина ду 700 гектар латтанаш. И белхаш коьртачу декъана дIахьур ду ломаца йолчу коштIашкахь.