Дагестанехь суьдхо вийна


Дагестанехь бевзаш боцучара герз диттина вийна мехкан Лакхарчу кхелан суьдхо Магомедов Мохьмад. Полицина хетарехь, зулам дозу цо беш хиллачу балхаца. ТΙаьххьарчу шерашкахь гΙарадевлла хилла девнаш листинарг вара Магомедов. Царалахь дара Буйнакскехь 13 шо хьалха цΙенош лелхийтарца доьзна дов а, Дагестанехь лецначу тΙеман баьччанийн девнаш а. Магомедовн тезет тергонехь кхобуш, арадаьхна Ιедало полицин дакъош.