Iожалхочо эккхийтар дина Хонкарахь

Ондда эккхийтар дина Тукойчоьнан коьртачу гIалахь Хонкарахь, Iамеркан векалаллина хьалха. Хаамийн гIирсаша дийцарехь, вийна мел лаххара а 2 стаг. Цершиннах цхьаъ векалалан гIаролхо ву.

Масийтта стаг чевнаш хилла ву. Меттигерчу Iедалша бинчу хаамца, эккхийтар дина Iожалхочо. Иза а велла. И эккхийтар шаьш дина аьлла, хаам бина цхьа а тоба яц.