30 шарахь дуьххьара Мисаре визит йина ГIажарийчоьнан президента

Мисара -- Мисаран президент Мурси Мохьамед а (Аьт), ГIажарийчоьнан президент Ахьмадинежад Махьмуд а (Аьр) аэропортехь, КъахIир, 05Чил2013

Ткъе иттех шарахь дуьххьара Мисаран коьрта гIала КъахIире вахана гIажарийн президент Ахьмадинежад Махьмуд. Дийцарехь, шиIатийн бусулба нехан президент цхьаьнакхета там бу Мисарера Ал-Азхар университерчу суннийн бусулба динан деца Шайх Ахьмад ал-Тайебца.
Чиллан беттан 6-чу дийнахь КъахIирехь хир йолчу Исламан Цхьанабелхан Организацин саммитехь дакъа лаца вахана ГIажарийчоьнан делегацин урхаллехь гIажарийн президент Ахьмадинежад Махьмуд.

2011-чу шеран юьххьехь революци а йина, мисархойн президент хилла Мубарак Хьосни вохийначул тIаьхьа дуьйна Мисарца йолу шен юкъаметтигаш тоян гIерташ ю ГIажарийчоь. 1979-чу шарахь ГIажарийчохь сиаламан революци иккхинчул тIаьхьа телхинера шина пачхьалкхан юкъаметтигаш.

«Бусулба вежарий» боламо гIортор еш волу Мисаран президент Мурси Мухьамед а ваханера ГIажарийчу даханчу шеран Марсхьокху-баттахь дIаяьхьначу Бертах Кхетаза Йолчу Пачхалкхийн Боламан саммитехь дакъа лаца.

Яханчу аьхка дуьххьара маьрша президент хаьржина Мисаран президент къобалвира ГIажарийчоьно, Юккъерчу Малхбален кхиаман хьалхара тIегIа а, «бусулба нах самабовларан» а билгало ю иза, аьлла.

Оццу хенахь, ши пачхьалкх вуно кIорга цхьанаца дараш долуш ю Шемара тIеман тIехула. ГIажарийчоь, Шеман президентан Асад Башаран тIаьххьара бисинчу накъостех ю. ТехIран хаза нехан санна дуьхьал ю Шемана чуьра девнна юкъа арахьара ницкъаш гIортарна.

Ткъа, Мурси, мелхо а Шеман режимана дуьхьал ву. Шеман Iедал харцон гIертачу гIаттамхошкахьа дуй хоуьйтуш дIахьедарш дина Мурсин Iедало.

Шемара тIом хир болчух тера ду Исламан Цхьанабелхан Организацино КъахIрехь дийцаре дийр долчу коьрта хаттарех. ТIом бахьанехь цу организацин декъашхо хилар цхьана ханна сацийна ду.

Мисарна 30 шарахь Мубарак Хьоснис урхалла дечу хенахь ГIажарийчоьнан а, Мисаран а юкъаметтигаш къаьхьа яра.

Даханчу шарахь дуьйна юхаметтахIиттон юьйлаелира шина агIонан юкъаметтигаш. Амма буьззинчу барамехь дIанисъйина яц дипломатан уьйраш.

Цкъа мацах гIажарийн, мисархойн хиллачу андий юкъаметтигашна зе хилира, ГIажарийчохь исламан революци а иккхина, Мисаро Израилца машаран барт бича. ГIажарийчоьно къобалъеш яц жуьгтийн пачхьалкх.

Шина пачхьалкхана юкъахь мостагIалла хилар билгалдоккхуш, ГIажарийчоьно ТехIранера цхьана ураман цIе тиллина, Израилца дуьххьара машаран барт чIагIбинчу мисархойн президент вийначу исламистийн тобанна куьйгалла динчу Садат Анваран.

Шина пачхьалкхана – ГIажарийчоьнан мостагIий лоручу Мисарна а, Израилна а миллиардаш долларшкахь гIо кхачадо Цхьаьнтоьхначу Штаташа хIора шарахь.