Дагестанехь 5 тIемало вийна

Оьрсийчоьнан Къоман Терроран дуьхьал йолчу комитето бечу хаамца, Дагестанехь хиллачу тIеман тасадаларехь вийна 5 тIемало. Дербентан а, Табсаранан а кIоштийн дозанашкахь чIагIъийна раж хIоттийна.
Iедалийн хьесапехь цу тIемалошна тIехь дара адамаш дайар, лелхийтарш дар, ахчанаш дахар а.