Пехтинан Флоридехь еза хIусамаш юй хьожуш ю ДУМан комисси

Оьрсийн пачхьалкхан ДУМан «Цхьаалин Оьрсийчоь» партин векало Пехтин Владимиро ханна сацадар дехна, ДУМехь йолчу этикан комиссин куьйгалхочуьн шен декхарш. Цуьнан бахьана ду, Iамеркехь цуьнан долахь йолу хIусамашца боьзна хаамаш таллар.

Iамеркера Флорида штатехь Пехтинан долахь тоьллачех йолу хIусамаш ю боху хаам зорбанехь баржийнарг ву оппозицин векал Навальный Алексей.