Дагестанерчу Хасу-юрт кIоштахь еарин дийнахь 6 тIемало вийна

ТIаьххьарчу хаамашца Дагестанерчу Хасу-юрт кIоштахь еарин дийнахь полицин а, цунна герзаца дуьхьало йинчу нахана а юкъахь хиллачу тасадалрехь вийна, мел лаххара а 6 тIемало. Оцу лерринчу операцехь шена хиллачу чевнех велла, «Витязь» олучу, лерринчу тIеман ницкъан центран майор а.