Заррат герзан дийцаршкахь


Шина денна лерина хилла ГΙажарийчоьнан а, зарратан герзаш долчу пхеа пачхьалкхан а дийцарийн рогΙера раунд чекхяьлла Казастанерчу Алматыхь. Евробертан арахьарчу политикан векала Эштон Кэтрина ша догдоху элира, ТехΙеран дуьненан лаамна тΙе а тевжаш, юхаер ю зарратан герз кхолла болчу ларамах. Сацамаш ца бовзийтина Эштона, уьш ГΙажарийчоьно а беша безаш бу, аьлла.

РогΙера дийцарш хила деза оццу Алматыхь цхьа бутт хан яьлча. ГΙажарийчоьнан цΙарх дийцаршкахь дакъалаьцначу Джалили СаΙида хΙинца пачхьалкхаша шайга кхийдаде хьелаш мелла а герга ду нийсонна, элира журналисташка.

Шена маьΙна долуш хета хΙинца пачхьалкхаша зарратца доьзна шайга кхийдош болу некъ бохура хьалхо Венехь къамел деш ГΙажарийчоьнан арахьарчу гΙуллакхийн министра Салехьи Ιела Акбара а.