Эмбарго йохош


Пакистанан президент Зардари Асиф Ιела ТехΙеране вахана ГΙажарийчоьнца цигара шайн махка мехкдаьтта кхачаде биргΙан аса йилла барт бан. Контрактан мах бу цхьаъ ах миллиард доллар. И барт цо хΙоттош бу ГΙажарийчоьнан президентца Ахьмадинежад Махьмудца.

400.000 баррель дийнахь-буса газ, иштта дуккха а мехкдаьтта а дΙаузур ду Пакистано ГΙажарийчуьра. Оцу проектна инвесторш ца карош Ιара хΙинццалц ший а агΙо Европано а, Ιамерко а хΙоттийна эмбарго бахьана долуш.