Мисара бартбан вахана Керри Джон



Ιаьмеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретарь Керри Джон шина денна Мисара вахана шоьтан дийнахь.

Президентца Мурси Мохьаммадца а, махкарчу политикан боламийн лидершца а къамелаш хир ду цуьнан. Коьрта Ιалашо ю Керрин, Мисарахь дакъошка бекъабелла, къийсалучу ницкъашна юкъахь барт карон.

Мисарахь лаьттачу къовсамо бохьучу бохамех керланиг бу шоьтан дийнахь Нил-хин асанца йолчу ДакахΙлия-къоштахь полицицех леташ цхьа стаг вер а, массех лазор а.