Контртерроран операцин раж кхайкхийна Къилбаседа ХIирийчохь

Контртерроран операцин раж кхайкхийна Къилбаседа ХIирийчоьнан Пригородни кIоштахь йолчу кхаа эвлахь. Iедалшна хетарехь, цигахь теракташ ян дагахь бу зуламхой.

Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсаш дийцарехь, леррина раж кхайкхийна Тарское а, Лакхара Комгарон а, Лахара Комгорон а ярташкахь а, ГIалгIайчоьнан дозанца йолчу меттигашкахь а.

Цигахь ницкъаллин структурийн белхахой бакъо ю нехан дегIах хьажа а, транспортанна таллам бан а, паспортан раж талла а.