"Сталин" веха ХIинжа-ГIалахь
Your browser doesn’t support HTML5
Дагестанан коьрта шахьарахь веха Пашаев Азерхан шолгIа ваьлла Сталин Иосиф ву, олу наха, иза, «къаьмнийн ден» духар а духий, араваьлча.
Юьхь-маршаца тера хиларал а совнаха, шен 60 шо хьалха веллачу «устазна» тешаме а ву иза. Хiинжа-ГIаларчу шен лаьттан декъа тIехь Сталинан музей а йиллина цо. Цига лелачу нехан якъо яц, бохуш, дозалла до Пашаевс Сталинах а, шех а.