Велла Венесуэлан президент Чавес Уго

Венесуэлан халкъана гIортор еш, вист хилла Iамеркан президент Обама Барак, цу мехкан президент Чавес Уго валар бахьана долуш. Обамас элира, Вашингтон лууш ю Венесуэлан Iедалшца юкъаметтигаш дIанисъян аьлла.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан инарлан секретаро Бан Ки Муна кадам бина Венесуэлан халкъе, Чавеса мохк кхиош доккха дакъалаьцна хилар билгал а доккхуш.

Президент Чавес валар бахьана долуш, 7 денна лерина тезет кхайкхийна Венесуэлехь. Чавес дIавуллур ву ПIераскан дийнахь. 30 де далале цу махкахь дIахьура бу президентан харжамаш. 58 шо долу Венесуэлан презизидент Чавес Уго велла, вон цамгар а кхетта.