ФСБен Къилбаседа-Кавказера дозанийн урхаллин беркема чудоьжна Ханкалахь. 3 стаг велла

Шоьтан дийнахь Iуьйранна Нохчийчура Ханкала аэродромехь охьахуучу хенахь охьа а кхетта, даьгна дIадаьлла Ми-8 беркема. 3 стаг велла, цхьаъ дарбан цIийнахь ву вуочу хьолехь. Уьш массо а экипажан декъашхой бу боху.
Дика гуш доцучу хенахь беркема охьаха гIерташ хилла бу и бохам, боху официала хьосташа.

Къилба ТIеман Гонан прокуратуро таллам болийна Нохчийчохь беркема чудожар талла.

Беркема, ФСБен Къилбаседа-Кавказера дозанийн урхаллин долахь ду. Иза Старополера дахана хилла Соьлж-ГIала.