Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанехь пхи тIемало вийна

Къоман Антитерроран комитето бечу хаамца, Даьттах-эвлана йистехь Iедалан ницкъаша гоне лаьцнера 15 стагах лаьтташ хилла тIемалойн тоба. Герзаца дуьхьало а еш, царах 5 гонера аравала хьаьжнера. Iедалан ницкъаша дуьхьала герз диттина, уьш байина, аьлла ду официала хаамехь. Уьш цIарца къастош, талламаш болийна.
Цу меттехь карийна боху герз а, шортта патармаш а.