Карабулакна балебевлла мухIажирш


Шинарий дийнахь ГΙалгΙайчуьрчу Карабулак-гΙалин кхело сацийна ханна цигарчу «Промжилбаза» олучу меттера нохчийн а, гΙалгΙайн а мухΙажирш арабахаран хьокъехь Ιедало чуделлачу дов хаттар. Цигара 76 доьзал Ιедалан хΙусамашкара арабахар доьху кхеле гΙалин администрацино.

Хьалхо шайн кхоллам къасторе сатийсарх гΙуллакх а ца хилла, мацалла кхайкхийнера «Промжилбазерчу» наха. Дукха хан йоццуш ГΙалгΙайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека ша хΙусамаш лур ю элира оцу нахана. Амма я цо а, я Нохзчийчоьнан Ιедалша а дина гΙо дац оцу нахана цкъачунна.