Юхайолийна Темирхановн кхел


Нохчийчохь тΙом бина полковник Буданов Юрий верна бехке вечу нохчочун Темирханов Юсупан дов юхаталла долош ду Москох кхело. Массех баттахь ша бина болх а бойъуш, бехккъасторхойн тоба дΙасахецначул тΙаьхьа, кхело юха вовшахтоьхна Темирханов бехкеван я бехказаваккха тарлуш болу нах.

Кхаарий дийнахь, тутмакхна бехк тΙехьош, къамел дира прокурора Семененко Марияс. Цо бахарехь, Москох Буданов вен а вийна, оцу меттера машенахь ведда Темирханов, ткъа машен ягийна зулам динчу меттигна гена доццуш.

Прокуроран верси харц еш шен духхьара къамел дира кхелехь Темирхановн адвоката Мусаев Мурада а.