Школана тIелатар дина Пакистанехь

Пакистанехь, Карачи-гIалахь, герзаца хиллачу наха тIелатар дина школана. Вийна директор а, 8 дешархо а.

Иттанна тIера пхеа шаре кхаччалц хан йолу бераш ду уьш. Полицино бинчу хаамца, школан директор хилла Авами къоман партин декъашхо.

Цу партина юкъахь бу Пакистанан къилбаседа-малхбузерчу кIошташкахь бехаш болу пуштунаш. И тIелатар шаьш дина аьлла, билгаляьлла яц цхьа а тоба.