Оьрсийчохь юхаметтахIоттийна «Къинхьегаман Турпалхо» цIе

Оьрсийчохь юхаметтахIоттийна «Къинхьегаман Турпахо» олуш йолу цIе. Цу хьокъехь указ арахецна Путин Владимира. «Къинхьегаман Турпахо» олу цIе луш хилла Советан Пачхьалкхехь 1928-чу шарахь дуьйна 1938-чу шаре кхаччалц.

Ткъа 1938-чу шарахь и цIе хийцира «Социализман къинхьегаман турпалхо» аьлла. И совгIат лаьттира 1991-чу шаре кхаччалц.