Президент хилла, оьрсашна "лортIехь дахар нисдан" лууш ву блоггер Навальный

Оппозицин блоггеро Навальный Алексейс ша Оьрсийчоьнан президент ваха лууш ву аьлла.
ПIераскан буса «Дождь» телевизионан «Дзядко-3» программехь дакъа лоцуш дира цо и дIахьедар. Шен лаам, Оьрсийчоьнан бахархойн дахар, Европехь бехачарех тера дан Iалашо хиларца боьзна бу элира Навальныйс.