Ιедалхошна тΙелетарш дина Къилбаседа Кавказехь


Дагестанерчу Буйнакскехь полицин белхахочун машен эккхийтина. Чохь хилла полисхо лазийна, халчу хьолехь ву. Цуьнца машен чохь хилла цуьнан зуда а, бераш а могуш-маьрша дисина, Ιедалша хаам барехь.

Иштта Ростов-махкарчу Новочеркасскехь а дина Ιедалан хьукматаш ларъечу хехошна тΙелатар. Цхьа белхахо велла, полицино бахарехь. И нисделла хадархойн машен гΙали юккъехула дΙайоьдуш.